ОЛХАЗАРШ!

08.02.2023

Ненан мотт - къоман, цуьнан культурин, историн бух бу. Вайн мотт 1алашбарна боккха тидам т1ебохуьйтура Нохчийн Республикин хьалхарчу президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. Махкахь чолхе зама йолчу хенахь цо уггаре а хьалха ардаьккхинчех дара нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилар кхайкхош долу указ, вайн махкахь нохчийн маттахь журналаш, газеташ арадийлита, теле-, радиопередачаш хилийта дукха къахьийгира цо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъ д1ахьош республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана а мотт кхиийта мел оьшу хьал а кхоьллина Нохчийчохь, цуьнан т1едожорца х1оттийна нохчийн мотт а, йоза а кхиорна программа ю. Шен мотт ца хууш долу къам кхане йоцуш ду. Вайх х1ораннан а декхар ду нохчийн мотт ларбан, кхион, т1екхуьучу чкъурана иза 1алашбан.  Нохчийн мотт  шарбар а, берашна тайп –тайпана олхазарш довзийтар  а, цара бохьучу  пайданах хаамаш балар 1алашо йолуш  йоккхачу тобанчуьра  берашца «Зайчата» д1аяьхьира ООД.